Беза, бовза ненан мотт!
21.02.2023Беза, бовза ненан мотт!
Чиллин беттан 21-чу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн колледжехь д1айаьхьира «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу регионан этнографин диктант.Диктант дӀайахьаран Iалашо: диктантан декъашхошна шайн нохчийн маттах а, литературех а, этнографех, культурологех долчу хаарех дерг билгалдаккхар.Диктантехь дакъа лецира цхьайтта (11) хьехархочо, доьзткъе исс (89) дешархочо.